Сурат АТ-ТАКАСУР
Алсамдийлар
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 8 аят).
بسم الله الرحمن الرحيم
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан ц1арца.
«1»
Шу духатоьхна /Далла г1уллакх дарах/ шун /даьхница а‚ доьзалшца а/ алсамдийларо
أَلْهَاكُمُ التَّكَاثُرُ
«2»
Шу кешнашка дерзалц (д1акхалхар т1ех1отталц Дела дага ца вог1у шуна).
حَتَّى زُرْتُمُ الْمَقَابِرَ
«3»
Х1ан-х1а! Т1аьхьа хуур ду шуна!
كَلَّا سَوْفَ تَعْلَمُونَ
«4»
Т1аккха а х1ан-х1а! Т1аьхьа хуур ду шуна!
ثُمَّ كَلَّا سَوْفَ تَعْلَمُونَ
«5»
Х1ан-х1а! Шу хууш делхьара бакъ долу 1илма,
كَلَّا لَوْ تَعْلَمُونَ عِلْمَ الْيَقِينِ
«6»
Шуна ганне а гур ма яра жоьжахати.
لَتَرَوُنَّ الْجَحِيمَ
«7»
Т1аьхьа /эхартахь/ шуна ганне а гур а ма ю иза /шайн/ б1аьрга.
ثُمَّ لَتَرَوُنَّهَا عَيْنَ الْيَقِينِ
«8»
Т1аккха шуьга хаттанне а хоттур ма ду оцу /къемат/дийнахь /шуна дуьненахь хиллачу/ ни1матех1.
ثُمَّ لَتُسْأَلُنَّ يَوْمَئِذٍ عَنِ النَّعِيمِ
https://chat.whatsapp.com/0NgcaUjBfE1LNGSbpYft61
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев