(Прислал посетитель сайта Нохчалла)
Дукха хан яра х1ара кеп сайна доьххьара яйча, со цецваьлла лела!
Х1ара нийса доцийла а, яхь-йоьхь вай юьйцур а яц, иманца а, исламца а, х1ара дог1уш доцийла хаьара суна.
Делахь а, со дага велира цхьацца сайна къонаха хетачу нахах а, 1илма дика доьвзачу цхьана воккхачу стагах а.
Цара т1еч1аг1дира цу хьокъехь со нийса хилар.
Иза х1ун ду, оццалла суна а, кхи д1а нах болчу нахана а, тахана 1аьт1къинарг, бале дижинарг?
Иза ду, х1инца дукхачу Нохчаша юкъа даьккхина, шен чуьра доьзалхо-йо1, маре д1аялар.
Вай варх1е а дайшкахь цахилла х1ума ду х1инца юкъа даьржинарг.
Да велахь, цу йоь1а де а, ваша велахь, цу вешин а йоьхь йойуш, уьш нах боцчу а бохуш, уьш чохь хевшина 1ашшехь, цу чохь зударий хуьлу кечлуш — йо1 маре д1аяла, хьан уьйт1ахь лаьтташ, хьан йо1 д1айига яьхкина машенаш а йолуш!
Ишттачу хьолехь, де а, вешин а, шинне а чуьра ара вала веза, йа шайна х1умма а ца гуш санна, стаг воцург а хила, чохь 1а веза.
Йа Аллах1 Дела, ма доккха х1ума ду хьо!
Вай маца хилла — иштта боьрша стега яхь-йоьхь йойуш 1адаташ, иштта къонах пайда боцчу ваккхар, оццулла стега мах ца бар, цуьнах ца вашар, иза ца ларар?
Вай варх1и а дегахь дуьйна схьа дог1уш — исламца а, иманца а, оьздангаллица а нийса долуш, шен доьзалхо-йо1, маре яхийтар иштта ду:
Йо1 маре йоьдуш цуьна нанна хууш хуьлу, нанас дега хоуьйту. Х1усам да-йоь1а да, хууш хуьлу, шен йо1 муьлхачу нахе маре йоьду, т1аккха, йоь1а уллера, гергара зудчо, тачанки х1ургонца, йа машенахь, йо1а шайна йиллина хене баьхкинчу нахе ара а йоккхе д1а ло. Хаза а ду, оьзда а ду, вай динца дог1уш а ду!
Х1ара нийса хилар а, кхуьна нийсо гойтуш, хазалла гойтуш дуккха а маь1наш далор дара аса, делахь а, нах болчу нахана оццалла д1акхетийча хуур ду моьтта суна!
Вай культура х1аллакйа, вай оьздангалла юкъара д1аяккха, вай дин бехдан, вай 1адаташ сийсаз дан, вай къонахчу к1ентий мах ца бар, уьш ца ларар ду иза!
Къонахчунна эхь-бехк ду иза, стаг воцчу стагана-ловзар ду иза!
Вежарий, ма дахийта шаьш нахдоцчу, хила къонахий, ма ихийта маре шай йоь1арий, хьо чохь телевизорега а хьоьжуш!
Хьан керта машенаш а оьхуш, ма йигийта хьай уьйт1ара хьай доьзалхо-йо1 д1а, юртана а хууш, хьо стагвоцчу а воккхуьйтуш!
Хьо къонах велахь сацаде хьайна т1едеана эхь!
Вайгара дика, оьзда, хаза г1иллакхаш, цхьацца бахьанаш а дохуш, уьш вайгара д1адаха г1ерташ, вайна т1ехь денна а, буса а болх беш вай мостаг1 ву!
Самадовла вежарий, боршаниг-борша хила, зудчунна шен меттиг хаа! Ма дахийта вай оьвхьаза а, нахдоцчу а!
Стагволчу стагана, ч1ог1а эхь долуш х1ума ду иза, д1адаккха иза вайна юккъера!
Аллах1а вовший дезар а, дашар а, барт, марзо а, маьрша 1ар-дахар а лойла вайна!
Вай дайша вайна йитина йолу Нохчалла нийса лело а, ларйа а, т1аьхьенна д1аяла а Дала кхетам а, доьналла а, къонахалла а лойла вайна!
(с) НОХЧАЛЛА, Хьасан Исаев
Присоединяйтесь к ОК, чтобы посмотреть больше фото, видео и найти новых друзей.
Комментарии 209
Со бера хенахь волчу хенахь цха воккхастаг вара сан лулахь. Цуна зимах волу к1ант вара сан хенара, цундела сих-сиха царга воьдий хулар сан. Ч1ог1а цизарка узуш вара иза, лергашна ч1ог1а къора а вара. Дукха 1ара со цуна тидам беш. Ша волчу хоий 1ара иза, цхьа цизарка д1айалча кхинаг а латош. Шина-кха а сохьтех хоий а 1ай т1аккха хьала а г1оттий, г1ийла рег1а т1ехула д1а а хьожий цо гуттара а алара:Эээ, д1абалла болх бу, д1абалла болх!
Ца кхетара со цунан маъанах, хатта эх1 хетара.
Х1инцца цх1а т1эхха шо ду со цунах кхета воьлла.
Маьрш 1ойл шу...