Предыдущая публикация
Адам ду сихделла, хууш дац стенна?
Шавериг хьере ву, вайна ху хилла?
Вай мича хьаьвда те? я вай ду тилла!
Г1иллакх дац лелош , и к1езиг хета!
Вокхачо хьехар дарх цхьа а ца кхета!
Чу къадар данне дац, марзо д1а яьлла!
Я вовше тешам бац, и гена баьлла!
Тезет а ловзаргах д1а тарлуш лаьтта.
Да-нана кхелхинчохь к1ант парг1ат лаьтта!
Къинхетам лаьттина меттиг ца йисна!
Я цуьнах тешам беш нах а ца бисна!
"НОХЧАЛЛО" ц1е лелор баламе хета!
Эхь хеташ ц1е веларг ма атта хета!
Алийша адамаш?:"Вайна ху хилла?"
Суна схьахетарехь вай билгал тилла!😔*Дала дикч новкъ т1е дохийла вай. Дала вовше дезар, дашар лойл вайна*🙏🏻
Присоединяйтесь к ОК, чтобы посмотреть больше фото, видео и найти новых друзей.
Комментарии 7