сом корехь сецара хьан ойланаш еш.
х1аваэхь яьржинчу цу эсала мархаш,
хетара ца 1ебаш беттан нур хьоьстуш.
со 1ара кора т1е наггахь 1а тухий
дакхийчу элпашца хьан яззош ц1е, хьоь болчу безамо дог къежа дог1уш,
ягаеш сов юйлуш безаман ц1е.
Цамогуш хилла со, безам ца боьвзуш,
бодане хетало д1а яхна хенаш.
Сан дагна г1олий еш ахь дуьне къагий,
дарбане хилла-кх хьан безаман дош.
Шийла 1а дарах, 1алам а г1орош,
Ца дашош дилларах, вайн ломахь и ло,
безаман йовхоно д1айокхуш шийло,
г1оттор ду дегнашчохь аьхкенан тов.
Сан г1енаш хаздинчу хьан хазаллора,
хьо гича хьоь ала безаман дешнаш
сахиллиц гулдина ма дара сан,
т1акх х1инца хьо гина, хьоь хьежар тайна,
лаьтта со сайн кийра гул дина уьш.
Присоединяйтесь к ОК, чтобы посмотреть больше фото, видео и найти новых друзей.
Нет комментариев