• Класс
Дика стаг волчу агIора вирзина доI дар Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Цхьаболчу наха шаьш доIа дечу хенахь, дика стаг волчу агIора боьрзий до (зератна тIебирзина даре терра), иза малхбалехьа делахь а я мичча агIора делахь а, ткъа иза-м билггала тилар ду, шеко йоцуш ширк а ду!». [Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 476] https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
​Зераташкахь доIа дар Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Кешнашкахь (зераташкахь) доIа дар, цигахь динчу доIанна жоп даларе сатийсар а, кхечанхьа динчу доIанал чIогIа жоп даларе сатийсар цигахь динчу доIанна, (и берриге) АллахIа а, Цуьнан Элчано а магийна болх бац, я цхьана асхьабо а, табиIино а лелийна болх а бац, я бусалба нехан имамаша лелийна болх а бац, я хьалха дIабаханчу Iеламнахах, я дикачу нахах цхьаммо хьахийна болх а бац иза, мелхо, (хIижри рузманца) ши бIе шо даьллачул тIаьхьа тIебаьхкинчаьргара бен хезна болх бац иза... АллахIан Элчанан асхьабашна дукхазза йокъо хlоьттина-кх, и доцург дукхазза халонаш тIеяьхкина царна, ткъа Пайхамаран (саллаллахIу Iалай
✅Ламазехь аlузу кху шина кепар доккхар ду: 1- АIу́зу биллахIи минаш-шайтIа́нир-ражи́ми мин хIамзихIи, ва нафхихIи, ва нафсихIи. 2- АIу́зу биллахIис-сами́Iил-Iали́ми минаш-шайтIа́нир-ражи́ми мин хIамзихIи, ва нафхихIи, ва нафсихIи. Иштта оцу шина кепар бен дац аIузу даккхар, дуьххьар дерг лелор ду, ткъа шозлогI дерг наггахь лелор ду, иштта хийца хуьйцуш лелор ду и шиэ. 🔸Ламазехь массо бисмал деша вола валле доккхур ду аIузу. 🔷Ткъа "Аlузу биллахlи минаш-шайтlанир-ражим" алар бух болуш дац. Вуьштта лелош долу аlузу даккха мегар ду Къуръан доьшуш, я вуьштта кхечанхьа лелош хена, амма ламазехь оцу лакхахь вай билгал дина шина кепар бен доккхур дац. t.me/alaman_hazna
#ТЕЛЕГРАММ ХIара вайн автопостинг ю https://tlgg.ru/vragi_iblisa1 ХIара вайн канал ду https://tlgg.ru/Vragi_iblisa ХIара вайн бот ю https://tlgg.ru/Yalsaman_bot Любящие АллахӀа https://tlgg.ru/lyubyashie Яржа е массара
​​• Къуръанал тIаьхьа уггар нийса жайна лоруш долу, шена чуьра дерриге хьадисаш цIена бух болуш долу «Сахьихь Бухарий» олу хьадис жайни тIера марха кхабаран, терхьаш даран а, лайлатул-къадр буьйса юьйцу а, иIтикаф даран а меттигаш йоьшуш дарс хир ду, ницкъ кхачаран барамехь, хIора дийнахь кху чохь https://mixlr.com/adlan_xaracho • Дарсан низам: -Дарс юкъавеъначунна Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат а хир ю. -Деккъа мутIелимашна, я жайна деша хуучарна дац дарс, хIораннан а пайда эца аьтто болуш хир ду, воккхачуьнан, жимачуьнан, стеган, зуьдчуьнан, ворхlара ваьллачуьнан массеран а бакъо ю дакъа лаца а, ижазат эца а. Иштта мархийн баттах дерг довзарехь а пайда оьц
Коронавирусах шахӀидийн дарже кхача Ӏа́ишата (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцина: «Ас хаьттира АллахӀан Элчане (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) уьнах лаьцна, АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) суна дийцира иза АллахӀан Ӏазап хилар, Цо шена луучунна тӀетосуш, ткъа муъмин нахана къинхетам бина Цо иза, цхьа а ма вац и ун даьржича собаре а, АллахӀера йоле сатуьйсуш а волуш шен чохь сецна, АллахӀа шена яздинарг бен хир доций а хууш, шахӀидийн дарже иза кхаьчний бен». [Сахьихь: Муснад Ахьмад: 26139] Ибн Хьажар Ӏаскъала́нис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла: «ХӀокху хьадисан дешнаш а, цунах болчу кхетамо а гойту - шахӀидна йоллу ял язйо хьуна: -И ун даьржинчу махкара дӀа ца ваха
  • Класс
Показать ещё