https://mixlr.com/adlan_xaracho • Дарсан низам:
-Дарс юкъавеъначунна Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат а хир ю.
-Деккъа мутIелимашна, я жайна деша хуучарна дац дарс, хIораннан а пайда эца аьтто болуш хир ду, воккхачуьнан, жимачуьнан, стеган, зуьдчуьнан, ворхlара ваьллачуьнан массеран а бакъо ю дакъа лаца а, ижазат эца а. Иштта мархийн баттах дерг довзарехь а пайда оьцур бу.
-ХIора хьадис дIадоьшуш, вайн маттахь гоч а деш, цунах луург билгал а дийр ду.
-Дийнахь 30-40 минотал дахлур дац цхьа дарс.
-ЦIера хенаца 13:00 хир ду дарс, кху бетта 23-гӀа чохь дӀадуьйлалур ду.
-Нагахь чу ца волуш 5 минот тIаьхьависнехь, дарс дац боху маьIна ду.
-Интернет зIе дIахаьдда, я хlуа хилла а доьшуш долу хьадис шена ца хезаш юкъарадалахь, иза дIаяздийр ду хIоразза а, юха дарсаш чекхдевлла, ижазат тIе язъян цIе схьайоуьйтуш хаам бийр бу шен юкъарадевлларш мел ду аьлла, ижазат тIехь билгалдархьама, шена ца хезнарг хезна аьлла хьадисан хьокъехь харцдерг дуьйцуш ца хилархьама.
-Дарсана юкъа муха ван веза кху чохь билгалдийр ду https://tlgg.ru/adlan_haracho • Ткъа вайн чекхдаьлларш «Бида́яхI фи́ Iилмил Iакъи́дахI»,
«Сала́сатул-усу́ли ва адиллатухIа́»,
«Ал-Iакъидату аввалан»,
«Ситтату усул» цIе йолу Iакъидат диъ жайна а, фикъахан «Бида́йатул-мутафакххихI» жайни тIера «Марха кхабар, иIтикаф дар» дуьйцу меттиг а.
https://mixlr.com/adlan_xaracho • Дарсан низам:
...Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев