ВАЙ ТОБАНАН ТЕЛЕГРАМ КАНАЛ ДУ, СЕХЬА ДОВЛА!
Цкъа доггах цхьа хаза
ХIара дуьне дааза,
Дала ма лайла вай, кIентий!
Дала ма лайла вай, кIентий!
Дуьненан Iаламах
Цхьа илли алаза,
Дала ма лайла вай, кIентий!
Дала ма лайла вай, кIентий!
Дайх ала дош доцуш,
Даймахкахь каш доцуш,
Дала ма лайла вай, кIентий!
Дала ма лайла вай, кIентий!
Дицлур ду вовшашна,
Къаьстича вовшах вай.
Дала ма лайла вай, кIентий!
Дала ма лайла вай, кIентий!
Безамо хьаьсттинчохь,
Йа махках къаьсттинчохь,
Дала ма лайла вай, кIентий!
Дала ма лайла вай, кIентий!
Дайх ала дош доцуш,
Даймахкахь каш доцуш,
Дала ма лайла вай, кIентий!
Дала ма лайла вай, кIентий!
Вовшашка хьовсаза,
ГIиллакхца довзаза,
Дала ма лайла вай, кIентий!
Дала ма лайла вай, кIентий!
Ца кхуьуш совг
1)Цкъа мацах дара и безамо хьоьстуш Шийла 1а я аьхке башхо а йоцуш Къаьстина суьйре йог1ур яц моьттуш Цкъа мацах дара ирсо са луьйцуш. 2)Хьо лела некъаш ас дешеха лоьруш К1еззиг бен йоцу со, ахь язйъеш юьйцуш Безаман т1емаша со стигла йохуш Цкъа мацах дара и хьо суна воьлуш. 3)Хьан меха дуьненчохь цхьа к1ант ца хеташ Со йоцург дог хьаста кхин йо1 яц бохуш Цкъа мацах дара и вайна ирс доьлуш Х1етте а къаьсти вай, хиллехь а дезаш. 4)Вовше вай аьлла къаьхьа дош доцуш Ахь суна, ас хьуна ян 1оттар йоцуш Х1оьттинчу бахьанах нах кхетар боцуш Диси и дерриге МАЦАХ бен доцуш.... Амаша Юсупова
  • Класс
Гlалартийн шозлагlа гуо
«Багонза бисинчийн назма»
lуьйренаш, шу марша lойла,
Суьйренаш, шу марша lойла,
Тхо дlадоьлху Дегlастана,
Сийна Сибрех, марша lойла
Малх схьакхеташ хилла Сибрех,
Малх чубузуш хилла Сибрех,
Лаьттан кийрахь чартех хьоьгуш,
Тхан дай буьсу шийла Сибрех.
Малх схьакхеташ Даймохк бу тхан,
Малх чубузуш Даймохк бу тхан,
Xlopa денна лаьмнаш херцаш,
Тхуна боьлхуш Даймохк бу тхан.
Доза доцу шуьйра Сибрех,
Чlагlо йоцу хийра Сибрех,
Хьуо йелхийна миска наной
Тхан дlаэцна шийла Сибрех.
Доза доьхна Даймохк бу тхан,
Чlагlо йоьхна Даймохк бу тхан,
Сийсазйина кешнийн керташ,
Тхоьга кхойкхуш Даймохк бу тхан.
Тхо тхаьш лайнарг лайна девли,
Т
Гlалартийн хьалхара гуо
      «Хьайбахахь багийначийн назма»
Tlaпa куйнаш дайрий шуна,
Гуо беш салтий байрий шуна, 
Эхартахь бен хир дац баьхна 
Къемата-де дайрий шуна?
Шийла цхьамза гlортор йолуш, 
Цlийза дlаьндарг гlиллакх долуш, 
Некъан баккхал суьлхьа долуш, 
Къаной гулбеш байрий шуна.
Когадахар лайлахь долуш,
Меттан даар неlалт долуш,
Тоьпан биргlа зизам долуш,
Бераш гулдеш дайрий шуна.
Доруш, тоьгуш марчо доцуш, 
Доккхуш, доькъуш caгla доцуш, 
Охкуш, кечдеш лахьта доцуш, 
Синош догуш дайрий шуна.
Къа лерина маршо йезар,
Пхьа лерина Дела везар,
Шира Нашха, нохчийн безам, 
Цlергахь йагош йайрий шуна?
Бисултанов Апти
Бисултанов Аптис шен байташкахь хьехийна де: " эхартахь бен хир дац баьхна, къемата де дайрий шуна?"
«Хьан кийрахь иккхинчу лазаран Мохь хезна, со тахана хьан къина йоьлху!»
Гайтукаева Б.
«...ХӀаъ.
Дара.., дӀахьош дерг мехкан са дара,
Са уьйзуш Ӏуьллуш йерг
Нохчийчоь йара.
Дарц дара лайн-марчо хьарчадеш цунна,
Лууриг доккхуш, и, ца йезачунна!..»
Матагов И.
Показать ещё