Предыдущая публикация
«Хьайбахахь багийначийн назма»
Tlaпa куйнаш дайрий шуна,
Гуо беш салтий байрий шуна,
Эхартахь бен хир дац баьхна
Къемата-де дайрий шуна?
Шийла цхьамза гlортор йолуш,
Цlийза дlаьндарг гlиллакх долуш,
Некъан баккхал суьлхьа долуш,
Къаной гулбеш байрий шуна.
Когадахар лайлахь долуш,
Меттан даар неlалт долуш,
Тоьпан биргlа зизам долуш,
Бераш гулдеш дайрий шуна.
Доруш, тоьгуш марчо доцуш,
Доккхуш, доькъуш caгla доцуш,
Охкуш, кечдеш лахьта доцуш,
Синош догуш дайрий шуна.
Къа лерина маршо йезар,
Пхьа лерина Дела везар,
Шира Нашха, нохчийн безам,
Цlергахь йагош йайрий шуна?
Бисултанов Апти
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев