«Багонза бисинчийн назма»
lуьйренаш, шу марша lойла,
Суьйренаш, шу марша lойла,
Тхо дlадоьлху Дегlастана,
Сийна Сибрех, марша lойла
Малх схьакхеташ хилла Сибрех,
Малх чубузуш хилла Сибрех,
Лаьттан кийрахь чартех хьоьгуш,
Тхан дай буьсу шийла Сибрех.
Малх схьакхеташ Даймохк бу тхан,
Малх чубузуш Даймохк бу тхан,
Xlopa денна лаьмнаш херцаш,
Тхуна боьлхуш Даймохк бу тхан.
Доза доцу шуьйра Сибрех,
Чlагlо йоцу хийра Сибрех,
Хьуо йелхийна миска наной
Тхан дlаэцна шийла Сибрех.
Доза доьхна Даймохк бу тхан,
Чlагlо йоьхна Даймохк бу тхан,
Сийсазйина кешнийн керташ,
Тхоьга кхойкхуш Даймохк бу тхан.
Тхо тхаьш лайнарг лайна девли,
Тхайна гинарг тина девли,
Дела воцург накъост воцуш,
Хlокху хене тхо ма девли.
Лан йисина марзо йу тхан,
Ган дисина лаьмнаш ду тхан,
Дегlастанан хьаннийн кийрахь
Кхолла йезаш маршо йу тхан.
Бисултанов Апти
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев